نبذة مختصرة

مقالة مبسطة حول زكاة الفطر على شكل سؤال وجواب.

تفاصيل

1 – Сахь даккхар бохург хIун ду? Маца даккха долийна ду иза?

Иза хIора бусалба стага шена тIера а, ша напха латто безачарна тIера а, Рамадан беттан тIаьххьарчу дийнахь малх буьзначул тIаьхьа дала дезаш долу даьхни ду, шен билламашца тIедужуш долу.

Суннатехь девзаш дерг – сахь даккхар хIижратан терахьца шолгIачу шарахь долийна хилар ду, мархин бутт кахбара парз динччу шарахь.

2 – Иза важиб хиларан далил (тешалла) хIун ду?

Иза важиб хиларан тешалла Бухарис , Муслима а дийцина долу хьадис ду, Ибн Iумарера схьа – Дела реза хуьлда цунна – Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – нахана парз дина тIедиллира Рамадан беттан марха дастаран закат (сахь даккхар), цхьа сахь хурманаш, йа цхьа сахь мукх, хIора бусалбачунна тIера: маьршачунна а, лай волчунна а, божаршна а, зударшна а.

Цул совнаха, Имам Ибнул-Мунзира – Дала къинхетам бойла цунах – ма-аллара, массо бусалба нехан барт хилла бу сахь даккхар важиб хиларна тIехь.

3 – Сахь даккхар тIедожоран бахьанаш хIун ду? Цуьнан пайданаш муха бу?

Цуьнан бахьанех а, пайданех а ду:

- марха кхаьбнарг, цуьнгара мархийн баттахь даьллачу вочу къамелах а, эрна къамелах а дIацIанвалийтар;

- мискачу нахана яа хIума хилийтар;

- Iийд дийнахь уьш нахе хIумма еха езаш цахилийтар.

И маьIнаш долуш Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цаьршинна – дийцина хьадис ду:

«Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – марха дастаран закат парз дина, марха кхаьбнарг цуьнгара мархийн баттахь даьллачу вочу къамелах а, эрна къамелах а дIацIанвалийта, мискачу нахана яа хIума а хилийта». [Абу Давуд, Ибн МажахI].

4 – Сахь даккхар мел деза ду? ХIун дозалла ду цуьнан?

Имам Тирмизийс дийцинчу хьадисехь ду, Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттина хилла аьлла: «Уггар деза сагIа муьлхарг ду?» Цо аьлла тIаккха: «Рамадан беттан сагIа ду». Цу юкъа догIу сахь даккхар.

Сахь даккхаро марха кхаьбнарг цIанво цуьнгара даьллачу вочу къамелах. Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цунна – дийцинчу хьадисехь ду: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – марха дастаран закат парз дина, марха кхаьбнарг цуьнгара мархийн баттахь даьллачу вочу къамелах а, эрна къамелах а дIацIанвалийта…». [Абу Давуд, Ибн МажахI].

Имам ВакúI ибн Ал-Джаррахьа – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Марха дастаран закат Рамадан баттана – ламазана вицваларан сужуд санна ду, мархин кхачамбацарш дIадойъу цо, вицваларан сужудо ламазан кхачамбацарш санна».

Цхьаболчу Iелам-наха сахь даккхаран дозаллаш дуьйцуш аьлла: цуьнан дозаллех ду марха къобул хилар а, декъал хилар а, валаран халонех а, кошан Iазапах а хьалхавалар а.[1]

5 – Сахь даккхар тIедожаран билламаш хIун бу?

Сахь даккхар тIедужу кхаа билламца:

Хьалхарниг: Бусалба хилар.

ШолгIаниг: Рамадан беттан тIаьххьарчу дийнахь малх чубузар.

КхоалгIаниг: Iийд-дийнахь шена а, шен охIлунна а даа даар хиларал сов а, чохь Iен меттиг хиларал сов а даьлла даьхни хилар. (Цу дийнахь яа тоьъачул яахIума а, чохь Iен меттиг а елахь, тIаккха цул совнаха кхин даьхни а хилахь тIедужу сахь даккхар. Нагахь санна Iийд-дийнахь тоьъачул бен кхин яа яахIума яцахь, йа и яахIума эццал бен кхин даьхни а дацахь, чохь Iен меттигах даллал бен кхин даьхни а дацахь – тIаккха важиб ца хуьлу сахь даккхар).

6 – Хьанна тIера даккха деза сахь бусалба стага?

И лакхахь бийцина болу кхо биллам шеца кхочуш хиллачунна важиб ду сахь даккхар, шена тIера а, ша рицкъа латто дезаш болчарна тIера а: дена-нанна а, шен берашна а, шен зудчунна а тIера.

Ша-шега рицкъа даккха луш волчу, кхиъна ваьлла волчу шен кIантана тIера сахь даккхар важиб дац дена тIехь, йа ша рицкъа латтор важиб хилла тIе ца дужуш волчу гергарчунна тIера сахь даккхар а важиб дац, цо пурба а делла, векил винчул тIаьхьа бен даьккхича а нийса хуьлуш а дац иза.

Нагахь санна ша сахь даккха дезаш болчу массо нахана тIера сахь даккхал шен даьхни ца тоахь, цкъа доьххьара ша хьалха ваккха веза, тIаккха шен зуда хьалха яккха еза, тIаккха шен да хьалха ваккха веза, тIаккха шен нана хьалха яккха еза, тIаккха даьхни ца даккхалуш волу шен воккха кIантана тIера даккха деза.

7 – Ненан кийрахь долчу берана тIера даккха дезий сахь?

Ненан кийрахь долчу берана тIера сахь даккхар важиб дац, делахь а даьккхича мелехь ду, могуш-маьрша иза дуьненчу далийтархьама аьлла, цхьаболчу Iелам-наха ма-аллара.

8 – ХIун ду и даккха деза сахь? ХIун даьхни ду дала дезарг?

Даккха деза сахь – иза ша Iаш волчу махкахь (меттехь) наха дукха дууш-лелош йолчу юучух цхьа сахь ду.

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – лелош хилла долу сахь диъ кана ду, таханлерачу барамца лерича 2400 грамм хиллал ду.

Масала, тахана вайн махкахь наха дукха дууш-лелош дерг кIа делахь, йа хьаьжкIаш елахь, цхьана стагана тIера даккха дезачу саьхьан барам 2400 грамм кIа, йа хьаьжкIаш бу.

9 – Оцу даар меттана цуьнан мах бала мегий?

Имам ШафиIийн мазхIабехь мегаш дац дааран меттана цуьнан мах бала, хIунда аьлча хьадисехь билгал динарг даар долу дела. Ткъа Абу Хьанифас – Дала къинхетам бойла цунах а, Имам ШафиIийх а, массо Iелам-нахах а – мегар ду аьлла дааран меттана цуьнан мах бала. Ткъа тахана цхьадолчу мехкашкахь хIоьттинчу хьолехь мах баьккхича бен кхочуш ца хуьлу сахь даккхар тIедожоран хьекъале бахьанаш а, пайданаш а, цундела нагахь санна мискачунна гIолийниг мах балар делахь мах белча дика хир ду, луучо даар ма-дарра дIадала а мегар ду.

10 – Маца даккха мега сахь?

Сахь даккхар важиб хилла тIедужуш йолу хан дIайолало Рамадан беттан тIаьххьарчу дийнахь малх чубузарца. Делахь а, сахь даккха мега Рамадан бутт дIаболабелчхьана дуьйна, цуьнан муьлхха а дийнахь.

11 – Сахь даккха дезаран тIаьххьара хан хIун ю?    

Iийд-дийнахь Iийд-ламаз дале хьалха сахь дIадалар дика ду. Iийд-де тIех даллалц сахь ца доккхуш дитар хьарам ду, ткъа нагахь санна сахь даккхар Iийд-дийнал тIаьхьататтахь, къа а хуьлу цунна, доькхуш даккха а деза цо иза.

12 – Хьанна дала деза даьккхина долу сахь? Муьлш бу сахь дала мегаш болу нах?

Сахь дала дезаш болу нах Сийлахь волчу АллахIа Къуръан тIехь хьахийна болу закат дала деза нах бу. Уьш бархI агIор бу, лекха хинволчу АллахIа ма-аллара: СагIа далар догIуш ду къечу нахана а, мискачарна а, цу (закат) тIехь болх бечарна а, дегнаш дин тIедерза герга болчарна а, лайшна а, декхарш долчарна а, Делан некъахь (гIазот дечарна) а, некъахочунна а; (царна иза догIуш ду) АллахIера парз хилла; АллахI Хууш а, Хьекъале а ву﴿ [Сурат «Ат-Тавбат» 60].

Оцу айато билгалбаьхна нах иштта бу:

·       Къе нах. Стаг къе лору иза шен дахарехь оьшуш долу коьрта хIума ца карош, цуьнга хьашт долуш хилча, йа цунах оьшург цхьадерг бен доцуш хилча, болх а ца балуш, рицкъа а ца даккхалуш хилча.

·       Мисканиг, шен дахарехь шена оьшуш долчу хIуманан цхьа ах дакъа гергга дерг долуш верг, делахь тоъал иза доцуш верг, болх беш велахь а, тIедогIуш рицкъа долуш велахь а.

·       Закат тIехь болх бийриш. ХIорш и закат дала дезачуьнгара иза схьа а оьцуш, иза лар а деш, тIаккха паччахьан омрунца иза дала дезачунна дIа а луш цу тIехь болх беш берш бу.

·       Шайн дегнаш бусалба дин тIехь чIагIдаларга дог дохуш берш. ХIорш бу уьш: дукха хан йоццуш бусалба дин тIе а лаьцна, ниййат гIийла долуш берш; нахана юкъахь сий долу бусалба нах, царна закат делча уьш лоруш болу керста-нах бусалба дин тIе бахкарга догдохуш делахь.

·       Лайш. Шен элано «ахь шена хIоккхул даьхни лахь ша хьо дIахоьцур ву» аьлла дIа а язвина, дIа дала даьхни а доцуш волу лай ву кхузахь закат догIуш верг. Ишттачу лайна закат юкъара дакъа ло, лай волчара иза паргIат валийта.

·       Шайна тIехь декхарш дерш. Закат дала мегаш волу декхар долу стаг кхоъ ву: Iесаллийна а доцуш магийна долчу шен хьаштана декхар даьккхинарг, нагахь санна иза дIа ца далалуш велахь; нахана юкъахь маслаIат деш декхарийла ваханарг, цуьнан и декхар дIадала шен ахча делахь а; кхечо декхар дIалур хиларца шена тIе декхар лаьцна верг.

·       Делан некъахь гIазот деш берш. Пачхьалкхо луш ял йоцуш, шаьш шайна лаарна гIазот деш болчу тIемалошна закат юкъара даьхни дала деза, сахь а догIу царна.

·       Некъахой. Некъахо – иза новкъа ваьлла стаг ву, шен махка шен цIентIе юхаверза ахча доцуш виссина волу.

13 – Нагахь санна сахь догIуш болчу нахах цхьаъ, йа масех стаг шен гергара стаг хилахь, цунна дала мегий иза?

Мега, магарал совнаха дика а ду иштта делча. Масала, сахь дала хьакъ долчу мискачу нахах цхьаъ шен гергарниг велахь, сахь цунна делча гIолий ду. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Ахь мискачунна сагIа далар (цхьа) сагIа ду, ткъа иза гергарчунна делча шиъ ду: сагIа а ду, гергарло чIагIдар а ду». (Ал-БайхIакъий – Аз-ЗахIабий, «Ал-МухIаззаб»).

Цундела, сахь дала хьакъ долчу нахана юкъахь шен масех гергара стаг каравахь, церах уггар гергарниг хьалхаваккха веза, тIаккха цул тIаьхьа верг хьалхаваккха веза, тIаккха гергарнаш чекхбевлча ул-уллера лулахо хьалхаваккха веза, Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – ма-аллара.

14 – Сахь ша дIадекъча деза ду, йа иза гулдеш болчаьрга дIадала а мега иза?

Ша доккхуш долу сахь дала дезачарна ша дIадекъча гIолий ду, Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – ма-аллара. Делахь а, нагахь санна и закат гулдеш болчаьрга делча алсам пайда белахь цаьрга дала а мегаш ду.

15 – Даьккхина сахь кхечу махка дIадахьийта мегий?

ХIокху хаттаран кхо агIо ю:

Хьалхарниг: нагахь санна сахь даккхар тIедоьжна волу стаг вехачу махкахь и сахь дIадала хьакъ долу нах бацахь – тIаккха иштта нах болчче дIадахьийта дезаш ду иза;

ШолгIаниг: нагахь санна сахь дIадоькъуш верг ша сахь даьккхинарг велахь, ШафиIийн мазхIабехь чIагIделла дерг и сахь кхечу махка дIадахьа ца магар ду, нагахь санна шен махкахь иза дала хьакъ долуш нах белахь. ШафиIийн мазхIабехь шолгIа дош а ду, кхечу цхьаболчу Iелам-наха аьлла а ду, нагахь санна цхьа хьашт делахь кхечу махка дIадахьа мегар ду аьлла. Цу шиннах далилаца чIогIа дерг – шен махкахь иза дIадала хьакъ долуш нах а болуш, кхечу махка дахьийта цхьа доккха хьашт а доцуш, иза кхечанхьа дахьийта мегар ца хилар ду. Амма нагахь санна цхьа доккха хьашт делахь – масала цхьанхьа гIазотана хьажо дезаш делахь – тIаккха кхечу махка дахьийта мегар ду, Iелам-нехан шолгIачу дашна тIе а доьгIна. Амма иштта доккха хьашт дацахь мегар дац;

КхоалгIаниг: нагахь санна и сахь дIадоькъуш берш паччахьо хIиттийна сахь схьагулдеш болу нах белахь, цаьрга делла долу сахь цара шайна гIолий хеттачу метте дIадахьийта мегаш ду.



[1] «БарúкъахI МахьмýдиййахI» Имам Ал-Хóдимий.

رأيك يهمنا