معلومات المواد باللغة العربية

Бусалба дин Iаморан университетера Iилманан талламан администраци - Books

Number of Items: 2

  • Chechen

    ХIокху жайно Ийманан ялх гIортор юьйцу: АллахIах а, Цуьнан малийкех а, Цуьнан жайнех а, Цуьнан элчанех а, къемат дийнах а, Делан кхелах а тешар. Жайни тIе оцу хIора гIорторах лаьцна дуьйцу, Къуръан тIера а, Суннатера а, хьекъалера а шен тешаллашца. Ийман – маттаца олу дош а, дагца тешар а, дегIаца Iамал йар а хилар довзуьйту, Далла муьтIахь хиларца сов а долуш, Цунна Iеса хиларца гIел а луш. Ийман кхочуш муха дийр дара а дуьйцу. Ийманан гIорторашца доьзна долу коьрта хаттарш а хьехадо хIокху жайно.

  • Chechen

    ХIара жайна Исламан пхи бух буьйцуш ду, церан маьIна деш ду, хIоранна а Къуръан тIера а, Суннатера а тешалла а далош. Ши тешалла дар а, ламаз дар а, закат далар а, марха кхабар а, хьадж дар а… И хIора гIортор ша-ша доккхуш дуьйцу хIокху жайни тIехь, хIоранна маьIна а, тешалла а, хьекъале бахьана а, билламаш а, кхидолу цуьнца доьзна долу хеттарш а далош, кхета атта долчу дешнашца, аттачу маттахь.