Categories

معلومات المواد باللغة العربية

Virtues/Noble Characteristics

Number of Items: 2

  • Chechen

    MP3

    Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) яздина долу «Дикчу нехан бошмаш» (Риядуссолихьин) цIе йолу жайна чIогIа дезчу жайнех ду. ХIунда аьлча цо гулдина долу дела шена чохь, бусалба стагана а, зудчунна а хIора дийнахь шен дахарехь а, Iибадат дарехь а оьшуш долу хIуманаш. Ткъа хIокху жайни юкъара хьадисаш дерриге – цхьа кIеззиг дерш доцург – нийса хьадисаш ду, хIара жайна кхин башха доккха а дац, атта а ду, бусалба дин довзарехь доьххьара дIаволалуш волчунна а, Iилмангахь генаваьллачунна а цхьатерра пайдехь а ду. Цундела хьакъ ду хIара Iамо а, деша а.

  • Chechen

    MP3

    Дала адамана делла долу ниIматаш дагар далур доцуш дукха ду. Церах ду Дала адамана мотт балар – вист а хуьлуьйтуш, яахIума а юуьйтуш йолу жима меже. И меже ялсамане вахаран бахьана хила а йиш ю, жоьжахате вуьгур волу бахьана хила а йиш ю. Далла муьтIахь хиларан агIонаш лелайахь – ялсамане вуьгур ву цо, Далла Iеса хиларан агIонаш лелайахь (гIийбат дар а, эладита дийцар а, харц тешалла дар а, кхидолу вон хIуманаш а) – жоьжахате вуьгур ву цо. ХIокху хьехамашкахь дуьйцурш меттан цхьадолу сакхташ ду.